Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду: „Хьо къайла ма яьлла, ва цІеяхана гІала! Хьуна чохь хІордахой Іаш ма бара. Хьо хи тІехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра, хьо а, хьан бахархой а. Цара кхерамехь латтабора хІорда йистехь мел бехаш берш а. Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цІе схьаяьккхина Ас, цо хьо дІа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дІахІоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
Выбор основного перевода