Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. Везачу Элера хІара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьІаьржачу хІоьттина Хьамат-гІала а, Арпад-гІала а, хІунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХІорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гІайгІанехь хиларна церан синтем а бац. Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш. «Адаман кІант! Велха Цора-гІалин паччахьна, цуьнга дІа а ала: „ХІара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра, хьекъалаллех вуьззина вара, хьо уггар хазаниг а вара. Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГІогІана дуьхьал тІом бан, – боху Хьалдолчу Эло. – ХІора тІемалочо шен вешина тІе тур хьалаойур ду. Даха а гІой, Хална-гІалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гІала дІагІо. ПІелаштамхойн Гати-гІала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхІудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?
Выбор основного перевода