Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагІар Сан дезачу цІийнан керташкахь». Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац. Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода