Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагІий дІасалаьхкира. ЧІогІа ткъес а тоьхна, Цо уьш дІа ма бовдийтира. Хьан ира пхерчий паччахьан мостагІийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла. ХІара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугІерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара. Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Олхазарш, шайн кІорнеш ларъярхьама, бенашна тІехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гІала ларйийр ю. Цо и гІала, дІа а къевлина, кІелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргІатйоккхур ю Цо». Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца.
Выбор основного перевода