Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Везачу Эло боху: «Цийонан йоІ, хьалагІатта, ялта ара! ХІунда аьлча Ас, аьчка маІаш а, цІестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хІаллакдийр ду. Ахь цара нахера дІадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дІалур ду». Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» Ткъа ЮшаІ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаІе иштта дІа а элира: «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цІенна тІехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тІехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара. Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». Дерриг а Лаьтта тІехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш.
Выбор основного перевода