Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ГІишлоярхой Делан цІийнан бух боьттина бевлира. ТІаккха динан дайша, шайн духарш тІе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кІенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цІестан жима негІарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дІалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хІума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. Делан цІа дина делира Адар-беттан кхозлагІчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгІачу шарахь. Схьа а гуллой, ладогІа, аш массара а! ЦІушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Іалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тІехь Шен ницкъ гойтур бу цо. Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву – иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь. ХІинца, Суна улло тІе а дуьйлий, ладогІа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХІара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», – иштта боху Везачу Эло, ткъа хІинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца. Дуй те хІинца а ялтийн чоьнаш чохь хІу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хІинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду». Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла. Ас хІинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тІаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хІонс хилла дІахІуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дІа а ала:
Выбор основного перевода