Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». Амма Дела яхІудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дІа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц. „Мила висина шуна юкъахь, хІара цІа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хІинца муха гуш ду шуна хІара? Шун бІаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах? Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дІасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла. Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“. ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. Далла хьалха лаьтташ долу ворхІ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхІ турба еллера.
Выбор основного перевода