Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Элан тептар тІехь схьа а лахий, дІадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хІунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна. Делахь а Аса ЯхІудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаІодаца а, туьраца а, тІамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кІелхьарбохур бу». ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чІагІоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидІа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“» «Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, ТІаккха тІийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Іийсас шайн уьстагІашца а, стерчашца а. ГІопастанаш дІа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.
Выбор основного перевода