Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
КІега сан бетах а Іоьттина, цо элира: «ХІара хьан бетах хьакхабелла, хІинца хьан бехк дІа а баьккхина, хьан къиношна гечдина». Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду. Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тІеюха цунна, пІелгах мухІар а долла, кога мачаш а юха. Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина.
Выбор основного перевода