Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Іийр ду шу ворхІ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хІаллак ца хилийта. Иштта иза тІедиллина суна Везачу Эло». Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. Ткъа цигахь шун Везачу Далла гІуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кІоршаме леларг вен веза. Иштта дІадаккха исраилхошна юкъара зулам. Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тІедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а». Коьрта динан да волу Іамар-ЯхІу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гІуллакхна тІехІоттийна ву. Ткъа ЯхІудан тайпанан баьчча волу ИсмаьІалан кІант Забди-ЯхІу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гІуллакхна тІехьажа хІоттийна ву. Иштта левихой оцу гІуллакхашна тІехь гІодийраш хир бу шун. ЧІагІдаларца кхочушде шайна тІедиллина гІуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла». ‘Уьш бен чубогІур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богІур бу, Суна гІуллакх дархьама а, ха дархьама а. ТІаккха цо хІара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гІуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».
Выбор основного перевода