Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цу дийнахь Ярушалайм-гІалахь хІуттур долу белхар, МагІидда-арахь йолчу ХІадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду. Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,
Выбор основного перевода