Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? МостагІчунна дуьхьалвала Іесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агІор бехкевийриг дІахІоттавехьа. Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. «Ткъа, хІара Сан цІа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цІеношкахь шу Іан мегаш йолу хан тІекхаьчний? ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.
Выбор основного перевода