Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Иштта, ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц хІора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ІиндагІашкахь тийна-маьрша Іаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву. Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен доларчу гІу чуьра хи а молийла, Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.
Выбор основного перевода