Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, – ткъа иза-м билггал кхочушхир ду – тІаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла». «Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла.
Выбор основного перевода