Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хІунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». Царна юкъахь хир ю Сан хІусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Сан Деза цІа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“». Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоІ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гІалин йоІ! Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
Выбор основного перевода