Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цундела ярташкахь Іаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгІа де, чІогІа самукъане де дина, дІахІоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгІаташ деш а хилла. Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а. Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хІинца иза чІогІа жима хир бу цу тІехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дІакхаьллинарш хьо йолчуьра дІагІур бу. Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьІІера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тІаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цІе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац. Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чІагІйина йоцучу гІаланашна тІелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гІорашца къовлуш долу кевнаш а дац. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
Выбор основного перевода