Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цІаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дІа а хІоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хІума юстуш йолу вēтанан тІийраг а, иштта хІума юстуш йолу гІаж а яра. Цу гІалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гІаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь. И гІала биъ са болуш дІахІоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гІожаца цо и гІала юьстира. Иза бІозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара. ТІаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бІе шовзткъе диъ дол лекха дара.
Выбор основного перевода