Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас. Мархаш санна а, шайн баннаш тІе доьлху кхокхарчий санна а, тІемаяьлла йоьдург хІун ю? Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чІогІа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тІелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхІудан тІаьхье схьайоккхур ю.
Выбор основного перевода