Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду. ЯхІуд, Іад санна, Сайна тІеозор ву Ас, пхерчий санна болчу Эпраймах дузур ду и Іад. Хьан бахархой, Цийон, бохур бу Ас грекийн мехкан бахархошна дуьхьал. Царах эскархочун тур дийр ду Ас». Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш. Цара шайн мостагІий дІакхоллур бу, церан ширдолагийн тІулгаш а хьоьшур ду. Муьйлур ду цара, гІовгІанаш а йийр ю, чагІаро бахийча санна. Уьш бузур бу, сагІин кад санна, сагІа доккхучу кхерчан сенаш санна. Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара.
Выбор основного перевода