Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хІинца иза чІогІа жима хир бу цу тІехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дІакхаьллинарш хьо йолчуьра дІагІур бу. Хьох бераш дІадаьхначу хенахь халкъана юкъахь динчу бераша хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь: „ХІара меттиг чІогІа жима ю, жимма дІакхалха, со а Іайтархьама“. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду.
Выбор основного перевода