Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ГІишло ечу пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь, коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чІагІвийр ву Ас иза. Шен ден цІийнан сий ойур ду цо. Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тІеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хІунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? – боху Везачу Эло. – Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода