Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. Нил-хи а жимлур ду, арахула догІу хи а, лакъа а лекъна, дІадер ду. Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Нил-хин бердашна тІехь йолу ораматаш а, цигахь дІа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дІаса а даржийна, уьш кхин хир дац. ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа? Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта? Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу. Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.
Выбор основного перевода