Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“. Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“. Цу дийнахь церан Везачу Дала Шен халкъ кІелхьардоккхур ду, Іуьно шен жа кІелхьар-ма-даккхара. Таж тІера тІулгаш санна, уьш Цуьнан лаьтта тІехь лепар бу. Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чІагІдийр ду. Сан цІарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Выбор основного перевода