Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Лабан уьстагІий ларга вахача, Рахьала цуьнан цІахь болу цІуш лачкъийра. Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду. Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?» Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. Ла ма догІа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гІенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтІахь хила ца деза›. Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара.
Выбор основного перевода