Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Сан кІант, Везачу Эло хьо нисвар дІа ма татта, Цо хьайна дечу таІзарна аьрзнаш а ма де, хІунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кІант нисваре терра. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза!
Выбор основного перевода