Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Цо шу шаьш-шайна кІезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хІоттийна, гІелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дІагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хІора дашца дехаш дуйла. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.
Выбор основного перевода