Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу арахь Мусага а, АхІароне а лен буьйлабелира нах. «Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гІолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Іара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хІокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара. «Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДІаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Іуьйранна Іаббалц бепиг а хир ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“». Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тІехь Іен долчу лаьтта тІе а, КанаІан-мехкан дозанна тІе а кхаччалц. ТІаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неІарш дІайиллира, Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хІунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг. Амма шаьш лиънарг уьш дІайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь, царна Дела оьгІазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хІаллакбира. И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидІа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гІуллакхех а ца тийшира. Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира. Цо царах цхьаберш мосазза хІаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тІе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура. Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргІатдохург хилар а. Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“». И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Іибадат дахь». Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.
Выбор основного перевода