Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТІаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тІедиллира Дала. Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тІера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира. ЯхІуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхІу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дІа ца тесира Дала иза. Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама.
Выбор основного перевода