Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. Везачу Эло халкъана тІе дІаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кІоргачу хІорда санна шортта хи царна лора. Цо тархах, Іам бой, дІахІоттабо, иштта тІулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту. Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.
Выбор основного перевода