Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хІуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТІаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Іаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цІе а гайтина шуна, цІеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.
Выбор основного перевода