Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тІера дІа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агІор, иза а, цуьнан кІентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тІехь паччахьалла деш хилийтархьама». Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама». ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь дерг дерриг а, цунна тІера цхьа гІулч дІаса а ца довлуш.
Выбор основного перевода