Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо.
Выбор основного перевода