Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тІе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тІехь долу тІулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. Юххе а даьхкина, шу ломан кІажехь севцира. Ткъа и лам стигала дІакхаччалц цІе яьлла богура. Цигахь Іаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. Цо шуна Шеца беш болчу бертан тІедожораш дІакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дІа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тІулган шина экъанна тІе дІаязбира.
Выбор основного перевода