Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоІу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгІачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цІахь Іе, ворхІалгІачу дийнахь ара ма довла». ВорхІалгІачу дийнахь халкъо садоІура. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІачу дийнахь садаІа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гІарбашан кІанте а, тІевеанчу стаге а садаІийтархьама а. ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира.
Выбор основного перевода