Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а». ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тІаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара! Сан халкъо мукъана Соьга ладогІахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара! Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТІаккха хьан синтем дІадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хІордан тулгІенаш санна хир яра.
Выбор основного перевода