Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Шун дай Шена безна дела, царах йисина тІаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна. Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дІа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, –
Выбор основного перевода