Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
РаІамсас-гІалара гІаш Сакхат-гІала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бІе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!
Выбор основного перевода