Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исхьакха Падан-Араме дІахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Іесаван а нана яра. Луьра мацалла яра цу махкахь. Мисарара деана дерриг а кІа шаьш диъча, дас кІенташка элира: «Даха а гІой, кхин а ялта эца вайна». Мисарахь Юсупна вина ши кІант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара. Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хІинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу». Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Іалашдора.
Выбор основного перевода