Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кІант а схьало Суна. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагІина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгІат хир ду Везачу Элана. Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цІена мел волчун а бакъо ю иза даа. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан.
Выбор основного перевода