Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хІума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама. Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.
Выбор основного перевода