Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгІа дакъа дерриге а дІа а къастадай, оццу шарахь шайн гІаланашкахь дІадилла. ТІаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тІебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгІачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гІуллакхашна тІехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама». Левин тІаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгІа дакъа схьаэца, ИбрахІимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. ХІунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахІиман цІийца вара, Малки-ЦІадакъа цунна дуьхьалвеача. Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш?
Выбор основного перевода