Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хьалха цІена хила, хІунда аьлча Со, Веза Эла, цІена ву. Ас кхечу халкъех дІакъастийна шу, Сайн хилийтархьама. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. «Шу шайн Везачу Деле ладугІуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тІедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ. Шун Везачу Дала тІедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чІагІо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. Цо Шен халкъ, маІа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хІоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана! Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тІе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».
Выбор основного перевода