Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дІахІоьттина.
Выбор основного перевода