Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хан тІекхаьчча, Ребикхас шала ши кІант вира. Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. ТІевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тІевеанчун дог-ойла, хІунда аьлча шу а Іийна тІедаьхкина Мисар-махкахь». ткъа доьалгІачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагІанашна дІабала беза. Кхадешера Эдоман паччахьна тІе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш.
Выбор основного перевода