Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Балакха БеІаран кІантана БалиІамна тІе шен геланчаш бахийтира, иза шена тІе схьакхайкха аьлла. БалиІам Іамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гІалахь Іаш вара. Балакха иштта дІаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хІара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дІахІоттийна. Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неІалт кхайкхадехьа, хІунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТІаккха сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неІалт кхайкхийча, цунна тІехь неІалт лаьтта». тхуна СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу Іесаван тІаьхьенах болчара а, Іар-гІалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тІе тхо дІакхаччалц“. Муабахойн паччахь, Ципуран кІант Балакх, гІаьттира тІамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеІаран кІант БалиІам валавайтира, цуьнга шуна неІалт кхайкхадайта.
Выбор основного перевода