Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дІадийшира. Цу тІехь царна дІаяздина карийра, цхьа а Іамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дІакхета йиш йолуш вац аьлла. Иза иштта хилла, хІунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиІам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неІалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неІалт царна тІера дІа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира. ТІаккха БоІаза дІахаийтира цуьнга: «Нагахь НуІматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
Выбор основного перевода