Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахаца а лелийтий, шайн йоІан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дІасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу. тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Оцу махкахь а бара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дІалелхийначу наха мел лелийна дегаза гІуллакхаш леладора яхІудхоша а. Цул тІаьхьа Юши-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь лаьтташ болчу цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цІенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цІунна Іамал ечу хенахь тІеюхуш йолу бедарш юцура зударша.)
Выбор основного перевода