Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, эмархойн а, канаІанхойн а, гІиргІашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла. Ас, хьуна хьалхара халкъаш дІа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тІе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогІуш волчу хенахь. Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду.
Выбор основного перевода