Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дІаваха веза. «Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаІан-махка чу дахча, оцу гІаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дІалачкъа гІаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дІавада мега. Кхо гІала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаІан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гІаланаш. «ДІаала исраилхошка: „Стагана дІалачкъа гІаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара.
Выбор основного перевода