Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Иштта дІадаккха бехк боцучун цІий шайна тІера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела». ТІаккха паччахьо БенъяхІуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дІаволла иза. Иштта со а, сан ден тІаьхье а паргІатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хІунда аьлча цо бехк боцучу нехан цІий Іанийна.
Выбор основного перевода